Крикет
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кри́кет[1][2] (инг. cricket) — командан вовшах хьакхацалуш спортан тайп. Иза ду бита а, буьрка а лелош йолу ловзарашна юкъадогӀуш.
ХӀокху йаззамна оьшу кхин хьажоргаш кхечу йаззамашна тӀе энциклопеди интеграци хилийта. |
Крикет кхоллаелла XVI бӀешарахь Англин къилбехь. XVIII бӀешо чекхдолуш хенахь иза хилира халкъан спортан тайп. Йоккха Британин экспанси бахьнехь иза дуьне ма-дду дӀасаяржира. Хьалхара гулйина командийн ловзараш хилира XIX бӀешо юкъакхаьчча.
ХӀора командехь хуьлу 11 стаг. Крикетех ловзу буц йолу байн тӀехь. И бай эллипсан кепехь хила беза. Майдан юккъехь хуьлу деакӀов дакъа — «питч». Питч хуьлу 22 ярд беха а, 10 фут шуьра а. Питчан готта агӀонашкахь шиъ дечка «ков» хуьлу. Питчан йисташкахь ловза дакъеш къастадо кхоьчу майданех леррина дина сизнашца («кризаш»).