Сомма (эрк)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Со́мма[1] (фр. Somme, пикагӀд. Sonme) — Францин къилбаседера эрк. Дохалла — 245 км, бассейнан майда — 5,5 эз. км².
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Сомма | |
---|---|
фр. Somme | |
Амал | |
Дохалла | 245 км |
Бассейн | 6550 км² |
ДӀаэхар | |
Хьост <span title="Картин кехат [{{{3}}} 54]. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш." style="border-bottom: 1px dotted; cursor: help;">(Т) (B) | |
• Координаташ | 49°54′22″ къ. ш. 3°24′11″ м. д.HGЯO |
Хикхоче <span title="Картин кехат [{{{3}}} 12]. Масштаб: 1:50 000. Арахецна терахь билгалде/меттиган хьалаш." style="border-bottom: 1px dotted; cursor: help;">(Т) (B) | Ла-Манш |
• Координаташ | 50°12′01″ къ. ш. 1°36′13″ м. д.HGЯO |
Эрк долу меттиг | |
Пачхьалкх | |
Регион | О-де-Франс |
— хьост, — хикхоче | |
Медиафайлаш Викилармехь |
Эркан хьост ду Фонсом гӀалан (Эна департамент) гергахь, дукхах дерг доьду малхбузехьа, кхета Ла-Манш хидоькъех, эстуари а еш (Сомман бухта). Эркан хи алсама догӀан хи ду; хи дайаран юккъера барам хикхочен гергахь 45 м³/сек. Хин охьадахар шеран дохаллехь кӀезиг хийцало. Дерриг дохаллехь аьлча санна эрк чухула кеманаш лелало. Харш лакхахь а, лахахь а нисдеш ду цхьа могӀа татолашца а, шлюзашца а (Сомман татол даьккхина 1770 -1843 шш.). Эрк татолашца уьйр йолуш ду Уазаца а, Шельдаца а.
Сомман тӀехь лаьтта гӀаланаш:
- Сен-Кантен (Эна департамент)
- Перонна, Корби, Амьен, Абвиль, Сен-Валери-сюр-Сом, Кротуа (Сомма департамент).
Хьалхара дуьненан тӀом болуш Соммин тӀаьхь Амьенан малхбалехьа Антантан эскарша 1916 шарахь йира йоккха тӀелатаран операци. Сентябрехь ингалсхоша исторехь дуьххьара лелийра тӀамехь танкаш. 1918 шеран 21 апрелехь эрк уллехь кхелхира хьалхара дуьненан тӀеман пилот-ас, вевзаш волу ЦӀиен Барон.
Эрках цӀе тиллина Сомма департаментан.