Баскетболан сийлаллин зал
From Wikipedia, the free encyclopedia
Нейсмитан цӀарах баскетболан сийлаллин зал (инг. Naismith Memorial Basketball Hall of Fame) лаьтта баскетболан даймахкахь Спрингфилдехь (Массачусетс, АЦШ). ЦӀе тиллина баскетбол ловзар кхоьллинчу — Нейсмит Джеймсан цӀарах. Нейсмитан цӀарах баскетболан сийлаллин зало ловзаран моменташ а, баскетболан уггаре къегина седарчий а дагахь латтадо.
Доца факташ Баскетболан сийлаллин зал, Пачхьалкх ...
Сийлахь меттиг | |
Баскетболан сийлаллин зал | |
---|---|
42°05′38″ къ. ш. 72°35′05″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Спрингфилд (Массачусетс) |
Йиллина терахь | 1959 |
Сайт | hoophall.com(ингалс.) |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
Сийлаллин зале дӀаоьцу хӀора шеран сессешкахь, хӀетте а 1968 а, 2007 шерашкахь Зале цхьан а дӀа ца ийцира[1]. 2012 шарахь Сийлаллин залехь вара 313 стаг (царех кхоъ (Джон Вуден, Ленни Уилкенс, Билл Шерман) шозза дӀаийцира — ловзархой а, тренераш а санна) а, 9 команда а йара.