Ваганьковон кешнаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ваганьковски кешнаш — Москвахь долу кешнаш ду. Москвахь уггар даккхийчарах цхьаъ ду. Шахьаран къилбаседа-малхбузера декъехь ду, Краснопресненская Застава олучу майдана йистехь. Цуьнан адрес ду: Макеев Сергейн цӀарах урам, 15-гӀа гӀишло. Кешнийн майда 47,9 гектар ю[1].
Доца факташ Ваганьковон кешнаш, Пачхьалкх ...
Сийлахь меттиг | |
Ваганьковон кешнаш | |
---|---|
55°46′05″ къ. ш. 37°32′54″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Пресненский район[d] |
Дуьххьара хьахор | 1771 |
Йиллина терахь | 1771 |
Статус | ОТӀО № 7710759000№ 7710759000 |
Сайт | ritual.mos.ru/perechen/c… |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
Официалан хаамашца, Ваганьковски кешнаш кхолладелла 1771-чу шарахь ун даьржина муьрехь. Оцу цамгарах белларш гӀалан арахьа дӀабухкуш бара[2]. Амма цул хьалхе а дара кхузахь кешнаш.