Везачу Валентинан де
From Wikipedia, the free encyclopedia
Везачу Валентинан де, йа Безаман де — керстан дезде ду, 14-чу февралехь даза до иза дукха мехкашкахь.
Хьалхалерачу заманахь хилла волчу керстан Ӏазапхочун Валентинан цӀарах тиллина йу и цӀе — Валентин Интерамнски а, Римски Валентин а[1][2][3][4][5].
И дезде даздеш болчара шайн везачунна а, хьомечу нахана а зезагаш ло, кемпеташ а, ловзо хӀуманаш а, дуьйсина шарикаш а, къаьсттина открыткаш а (дог санна йолу валентинкаш), стихаш а язйо, безаман ойланаш а йо[6][7].