Италин-туркойн тӀом, я Туркойн-италин тӀом, кхин а бевза Италехь «Ливин тӀом» (итал. Guerra di Libia) аьлла, ткъа Туркойчохь «Триполин тӀом» (турк. Trablusgarp Savaşı) аьлла — 1911 шеран 29 сентябрера 1912 шеран 18 октябрь кхаччалц (386 де) хилла Италин паччахьаллин а, Хункар-мехкан а йукъара тӀом. Италис схьабаьккхина Хункар-мехкан регионаш Триполитани а, Киренаика а (хӀинцалера Ливин мохк), ткъа кхин а грекийн мотт буьйцу архипелаг Додеканес (цунна юкъахь Родос гӀайре а).
Доца факташ Италин-туркойн тӀом, Терахь ...
ДӀачӀагӀа
И тӀом шен масштабашца Дуьненан хьалхарчу тӀемца буста мегар дацахь а, иза хилира цунна тӀе некъ баьккхинарг, хӀунда аьлча цуо национализм айира балканан пачхьалкхашкахь. ТӀамо гайтира туркойн эскаран ледарлонаш, Хункар-мехкан хала хьал гуш, Балканан бартан декъашхой тӀелетира цунна, Италин дуьхьала долу тӀемаш чекхдовлале. Италин-туркойн тӀамехь дуьххьала лелийра тӀеман-техникин прогрессан керла кхиамаш: радио, авиаци, бронеавтомобилаш.