Курилийн гӀайренаш
From Wikipedia, the free encyclopedia
Курилийн гӀайренаш — Камчатка а, Хоккайдо а йукъехь йолу гӀайренийн могӀа, оцо жима хьаласеттина Ӏатаца Охотан хӀорд дӀакъасто бо Тийна Ӏапказах. Бохалла — 1200 км герга. Йукъара майда — 10,5 эзар км²[1][2][3]. Царна къилбехьа ду Российн Федерацин Японица долу доза. ГӀайренаш кхуллуш ю параллельни рагӀ: Йоккха Курилийн а, Жима Курилийн а рагӀ. Йукъахь йу 56 гӀайре. Цера тӀеман-стратегин а, экономикин а маьӀна ду[4].
Доца факташ Курилийн гӀайренаш, Амалш ...
Курилийн гӀайренаш | |
---|---|
Амалш | |
ГӀайренийн дукхалла | 56 |
Йерриг майда | 10 500 км² |
Уггар лаькха меттиг | 2339 м |
Бахархой | 19 276 стаг (2015) |
Луьсталла | 1,84 стаг/км² |
Лаьтта меттиг | |
46°30′ къ. ш. 151°30′ м. д.HGЯO | |
Акватореш | Охотан хӀорд, Тийна Ӏапказ |
Пачхьалкх | |
Медиафайлаш Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
Курилийн гӀайренаш Российн Сахалинан областан йукъа догӀуш ду. Архипелаган къилба гӀайренаш — Итуруп, Кунашир, Шикотан а, Хабомаи тоба а[5][6][7] — Японеца къийсамехь ду, Японес и гӀайренаш шен Хоккайдо префектуран йукъахь лоруш ду[8][9].