Кхо мушкетёр
From Wikipedia, the free encyclopedia
«Кхо мушкетёр» (фр. Les trois mousquetaires) — Александр Дюма-ден историн-хиламан роман, дуьххьара зорба тоьхна 1844 шеран 14 мартера 11 июль кхаччалц парижан Le Siècle журналехь. Жайна лаьцна ду мушкетёр хилархьама шен цӀа а дитина араваьллачу д’Артаньян цӀе йолчу жимачу стеган а, цуьнан кхаа доттагӀчун-мушкетёрийн Атосан, Портосан, Арамисан 1625 - 1628 шерашкарчу муьран хиламех.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Кхо мушкетёр (маьӀнаш).
Д’Артаньянан истори дӀайоьду кхин а шина романахь: «Ткъа шо даьллачул тӀаьхьа» а, «Виконт де Бражелон, йа Итт шо даьллачул тӀаьхьа» а.