Дми́трий Ива́нович Менделе́ев (1834 шеран 27 январь (8 февраль), Тобольск — 1907 шеран 20 январь (2 февраль), Петарбух) — оьрсийн энциклопедхо а, химин Ӏилманча а, физикохимик а, физик а, метролог а, экономист а, технологин говзанча а, геолог а, метеоролог а, хьехархо а, прибораш кхуллуш верг а ву. Петарбухан университетан профессор а, Паччахьан Петербурган Ӏилманийн академин декъашхо-корреспондент а вара. Цуьна коьрта гучудаккхарна йукъахь — химин элементийн муьран низам а, Ӏаламан коьрта низамех цхьаъ.
Доца факташ Дмитрий Иванович Менделеев, ГӀуллакхан тайпа ...
ДӀачӀагӀа