Российн Федерацин Коммунистийн парти
From Wikipedia, the free encyclopedia
Росси́йн Федера́цин Коммунисти́йн па́рти (РФКП) — Россий Федерацин официалан регистраци йина аьрру политикин партеш. Россий Федерацин махкахь РСФСР КП а, ССКП а когаметта йолуш гойту ша. КПБ-ССКП йукъайоьду. Берриг ФГ Пачхьалкхан думин депутатийн харжамашкахь дакъалаьцна, Пачхьалкхан Думин берриг бархӀ кхайкхамехь гайтина, кхаа партех цхьа парти йу. РФ Пачхьалкхан Думин депутатийн харжамашкахь, хӀинца 15 партех цхьаъ йу, куьйгаш а ца лахьош харжамашкахь дакъалаца йиш йолуш партин испискашца а, цхьаьнамандатан гуонашкахула а.
Российн Федерацин Коммунистийн парти | |
---|---|
Коммунистическая партия Российской Федерации | |
Лидер: | Зюганов Геннадий |
Кхоьллинарг: |
Купцов Валентин[1][2] Зюганов Геннадий |
Кхолларан терахь: |
1990 шо 19 июнь (РСФСР КП), 1993 шо 14 февраль (РФКП) |
Штаб-квартира: | штаб-квартира = 103051 Москох, Жима Сухаревн урамалг, цӀа 3, гӀишло 1 |
Идеологи: |
Демократин социализм XXI бӀешеран социализм Марксизм-ленинизм Социалан консерватизм Советийн патриотизм Пролетарийн интернационализм |
Интернационал: |
Коммунистийн а, белхалойн а партийн дуьненайукъара цхьаьнакхетар[3] КПБ-ССКП |
бартхой а, блокаш а: |
«Аьрру фронт»[4] |
Кегирхойн организаци: | РФ ЛККС (2011 шо кхачале олура РФ ККС) |
Декъашхойн дукхалла: | 162 173 ст. (2015)[11] |
Девиз: | «Росси! Къинхьегам! Халкъан Ӏедал! Социализм!» |
Пачхьалкхан думехь меттигаш: |
42 / 450
(I кхайкхам)
157 / 450
(II кхайкхам)
113 / 450
(III кхайкхам)
51 / 450
(IV кхайкхам)
57 / 450
(V кхайкхам)
92 / 450
(VI кхайкхам)
43 / 450
(VII кхайкхам)
57 / 450
(VIII кхайкхам)
495 / 3982
(Регионийн парламенташ) |
Шатлакхан Илли: |
«Интернационал»[12] |
Партийн зорба: | |
Адамаш: | партин декъашхой категорехь (3 стаг) |
Сайт: | kprf.ru |
Медиафайлаш Викилармехь |
РФКП йиллина коммунистийн леррина гулбина II гуламехь 1993 шеран 13—14 февралехь денйина Российн Советийн Федеративан Социалистийн Республикин Коммунистийн парти санна. Регионийн дакъойн барам — 85, декъашхойн барам — 162 173 (2016 шеран жамӀашца)[11]. Парти гайтина берриг кхайкхамийн Пачхьалкхан думехь, кхин а ду регионийн тӀегӀанан Ӏедалан меженашкара векалалла.
Генарчу ханна тӀаьхьалонна шен стратегин Ӏалашо кхайкхайо Россехь карлайаьккхина социализм йар. Уллерачу ханна тӀаьхьалонна хӀиттайо шайна хьалха Ӏалашонаш: Ӏедале патриотийн ницкъаш балор, Жима а, йуккъера а хьуьнаралла Ӏалашдеш, Российн Ӏаламан ресурсаш а, экономикин стратегин отраслаш къоме дерзор, пачхьалкхан политика социалан агӀора хьажор чӀагӀдар. Ша йиллинчу хенахь дуьйна хӀоттийна ша карарчу Ӏедана оппозице.
Лакхара меже — партин гулам, цуо хоржу РФКП Центран комитет а, цуьнан председатель а. Партин Центран кхочушдаран комитетан председатель (РФКП ЦКхК, 1995 шарахь дуьйна — РФКП ЦК) 1993 шарахь дуьйна ву Зюганов Геннадий. РФКП ЦК председателан хьалхара гӀовсаш — Мельников Иван (2004 шарахь дуьйна) а, Афонин Юрий (2021 шарахь дуьйна)[13], РФКП ЦК председателан хьалхара гӀовс 2004 шо кхачале вара Купцов Валентин. РФКП ЦК председателан гӀовсаш (2021 шарахь) — Кашин Владимир, Новиков Дмитрий, Калашников Леонид[13]. Тергонан меже — РФКП Центран тергонан-ревизин комисси (ЦТРК), ЦТРК председатель — Иванов Николай.