Росси́йн Федера́цин Федера́лан гулам — Российн Федерацин парламент, Российн векалийн а, пачхьалкхан Ӏедалан закононашкхолларан меженаш.
Федералан гулам (маьӀнаш)
Доца факташ Российн Федерацин Федералан гулам, Тайпа ...
Российн Федерацин Федералан гулам |
|
Тайпа |
шинапалатин парламент |
Палаташ |
Федерацин кхеташо Пачхьалкхан дума |
Федерацин кхеташонан председатель |
Матвиенко Валентина с 2011 шеран 21 сентябрь |
Пачхьалкхан думин председатель |
Володин Вячеслав с 2016 шеран 5 октябрь |
Декъашхойн |
620 (царна йукъахь: 170 Федерацин кхеташонехь, 450 Пачхьалкхан думехь) |
|
|
Федерацин кхеташо Комитеташ |
10 комитет а, 3 комисси а
Комитеташ
- конституцин закононашкхолларан а, пачхьалкх хӀотторан а
- федеративан хӀоттаман, регионийн политикин, метигера ша-шена урхалла даран, Къилбаседан гӀуллакхийн
- дуьхьалонан а, кхерамзаллин а
- дуьненайукъара гӀуллакхийн
- бюджетан а, финансийн базаран а
- экономикин политикин
- аграрин-Ӏаламлелоран политикин а, Ӏаламлелоран а
- социалан политикин
- Ӏилманан, дешаран, оьздангаллин
- Регламентан а, парламентан гӀуллакх лелоран а
Комиссеш
- Федерацин Кхеташонан декъахоша гойту санах а, бахамах а, бахаман амалера декхарех а болу хаамаш бакъ хиларан тергонан
- хаамийн йукъаралла кхиоран ханна йолу комисси
- МХГӀ лаьцна Российн законаш тодаран белхан ханна йолу комисси
- инженерийн а, инжиниринган а гӀуллакхан Российн законаш кхиоран белхан ханна йолу комисси
- «Транспортан кхерамзалла латторан белхан Российн законийн цхьадолу акташна чохь хийцамаш барах лаьцна» цӀе йолу ФЗ кхочушдаран мониторинг йен ханна йолу комисси
- 2018 шарахь Россехь футболех ловзаран дуьненан чемпионат кечамбаран а, дӀайахьаран а белхийн ханна йолу комисси
- экономика кхиоран мониторинган ханна йолу комисси
- Российн доьзалан кодекс тойаран хеттарш кечдаран ханна йолу комисси
|
Пачхьалкхан дума Комитеташ |
29
- конституцин законодашкхолларан а, пачхьалкх хӀотторан а
- гражданийн, зуламан, арбитражан, процессуалан законийн
- къинхьегаман, социалан политикин, ветеранийн гӀуллакхийн
- бюджетан а, налогийн а
- финансийн базаран
- экономикин политикин, керла хӀуманаш йукъадахар кхиоран, хьуьнараллин
- долара бахаман белхийн
- хӀусамийн политикин а, хӀусаман-коммуналан бахаман а
- энергетикин
- транспортан
- лаьттан йукъаметтигийн а, гӀишлошйаран а
- промышленностан
- Ӏилманан а, Ӏилма оьшу технологийн
- дешаран
- оьздангаллин
- физикин оьздангаллин, спортан, кегийрхойн гӀуллакхийн
- могушалла Ӏалашйаран
- зударийн, доьзалан, берийн гӀуллакхийн
- аграрийн белхийн
- дуьхьалонан
- кхерамзаллин а, коррупцин дуьхьалойаран а
- дуьненайукъара гӀуллакхийн
- ЛДП гӀуллакхийн а, махкахошца уьйр латторан а
- Регламентан а, Пачхьалкхан думин болх лелоран а
- регионийн политикин а, Къилбаседан а, Генара Малхбален а баланийн
- федеративан хӀоттаман а, меттигера ша-шен урхаллин а белхийн
- Ӏаламан ресурсийн а, Ӏаламлелоран а, экологин а
- йукъараллин цхьаьнакхетараллин а, динан кхолламийн а гӀуллакхийн
- къаьмнийн гӀуллакхийн
|
Федерацин кхеташо Кхаж тасаран система |
хӀиттайо мехкан хьесапашца |
Пачхьалкхан дума кхаж тасаран система |
ийна |
Федерацин кхеташо ТӀаьххьара харжамаш |
1993 шеран 12 декабрехь |
Пачхьалкхан дума ТӀаьххьара харжамаш |
2021 шеран 17-19 сентябрехь |
www.gov.ru |
ДӀачӀагӀа
Федералан гуламан Статус билгалйаьккхина Российн Конституцин 5 коьртехь. Федералан гуламан функцеш а, бакъонаш а йекъна шина палатин йукъахь — Пачхьалкхан думин (Россий Федерацин Федералан гуламан лахара палата) а, Федерацин кхеташонан (Россий Федерацин Федералан гуламан лакхара палата). Федералан гулам гуттаренна болх беш йолу меже йу. Палаташ цхьаьна хийшарш ца до, амма Российн Федерацин президентан кхайкхаме цхьаьна ладогӀа гулбала таро йу[1].