Студенташна йукъара шеран уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Студенташна йукъара шеран уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀат (инг. Naismith College Player of the Year award) — студенташна йукъахь NCAA баскетболан чемпионатан уггаре дика ловзархочунна Atlanta Tipoff Club кхолламо ло хӀора шеран баскетболан совгӀат. СовгӀатан цӀе йелла баскетбол кхоьллинчу Нейсмит Джеймсан сийнна. Дуьххьара и хӀонс йелла 1968/69 шеран Лос-Анджелесера Калифорнин университетера Алсиндор Льюна. 1982/83 шарахь дуьйна дала долийна зударшна а, дуьххьара и совгӀат дина Шира Доминионан университетера Донован Эннан. Таханлера совгӀатан дизайн кечйина 1983 шарахь Атлантера скульпторо Дэйв Мартина.
Студенташна йукъара шеран уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀат | |
---|---|
инг. Naismith College Player of the Year award | |
Мохк | АЦШ |
Тайпа | СовгӀат |
Хьанна ло |
Студенташна йукъара АЦШ баскетболан турниран уггаре дика ловзархочун (NCAA 1-ра дивизион) |
Хьан ло | Atlanta Tipoff Club |
Статус | ло |
Статистика | |
Кхолларан терахь |
Божарий: 1969 Лью Алсиндор, ЛАУК Зударий: 1983 Энн Донован, Олд Доминион |
Сайт | naismithtrophy.com |
1987 шарахь йукъайаьккхира ишколахошна йукъара уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀат, цул сов иштта совгӀаташ ло тренершна, суьдхошна, баскетбол кхиоран ладаме гӀодинчу адамашна.
Шина ловзархочунна, Уолтон Биллан а, Сэмпсон Ральфан а делла и совгӀат кхуз-кхузза. Зударийн совгӀатан кхузза лауреат хилла Миллер Шерил а, Стюарт Брианна а, шоз-шозза хӀонс йаьккхина Дэвис Клариссас, Холдскло Чамика, Стэйли Дона, Таурази Дайанас, Огастус Сеймона, Мур Майяс, Грайнер Бриттни. Дюрант Кевина, Дэвис Энтонис, Уильямсон Зайона и совгӀат даьккхина хьалхара курсехь болуш. Кхечарал алсама оцу номинацехь толамхой хилла Дьюкан университетан баскетболхой (8-зза) а, Коннектикутан университетан баскетболхой (10-зза). И совгӀат тӀаьххьара даьккхинарш бу Дьюкан университетера Уильямсон Зайон а, Айовин университетера Густафсон Меган.