Ӏарафат де
Зуль-хьижжат беттан уьссалгӀа де / From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏарафат де (Ӏаьр. َيَوْمُ عَرَفَة) — иза зул-хьижжат беттан уьссалгӀа де ду. Бусалба нехан уггар дезачу денойх цхьа де ду, зул-хьижжат беттан хьалхарчу итт дийнах цхьаъ долу дела. Цу дийнахь хьаьжой Ӏарафат лам тӀехь лаьтта, хӀунда аьлча цу тӀехь латтар хьаьжан арканех уггар коьрта рукн йолу дела. Ӏарафат лам бу Маккин Малхбалехьа, изий, ТӀаифий цхьаьнатухучу некъа тӀехь 22 км гергга, Ӏ0 км Минан, 6 км Муздалифатан. Иза Хьараман дазонал арахьа цхьаъ бен йоцу еза меттиг йу.
Ӏарафат де | |
---|---|
Тайпа | Зул-хьижжат беттан итт дийнах цхьаъ ду |
МаьӀна | цу дийнахь кхочуш до Ӏарафат лома тӀехь латтар |
Даздо | бусалбанаша |
Терахь | 9 зул-хьижжат |
2023 шарахь | 27 июнь |
Доьзна | Хьаьж |
Зуль-хьижжат беттан уьссалгӀачу дийнахь малх схьакхетарца хьаьжой дӀабоьлху Минара Ӏарафате, цигахь латтархьама. Ӏарафатехь латтар кхочуш хуьлу цуьнан муьлххачу агӀора хьаьжо веана хилчахьана, хиъна Ӏаш хуьлийла и, йа воьдуш, йа дӀатевжина. Амма, цу дийнахь хьаьжо Ӏарафатан билгалдинчу дазонашкахь сецна вацахь, цуьнан хьаьж доьхна лорур ду. Ӏарафатехь латтар хьаьжан арканех уггар коьрта рукн ю, цу хьокъехь деана Мухьаммад пайхамаран ﷺ къамел долу дела: «Хьаьж — иза Ӏарафат ду, ткъа гуллучу буьйсанна Ӏуьйра ламазе веанарг милла а велахь, цуьнан хьаьж къобала хир ду»[1]. Иштта цо дийцина: «Баккъалла а АллахӀа дозалла до Ӏарафатан охӀлаца стигалан охӀланна хьалха, тӀаккха Цо олу: Хьовсийша Сан лешка, Со волчу баьхкина-кх уьш меш хьирчина йолуш, ченах буьзна болуш»[2].