ЖехӀала неха берд
From Wikipedia, the free encyclopedia
ЖехӀал неха берег (фр. Côte des Barbaresques) — тӀаьхьара Йуккъера бӀешерера (XV бӀешо) XIX бӀешо кхаччалц хилла Къилбаседа Африкин ЛаьттайуккъерахӀордйистан бердйистан европин цӀе.
ЖехӀал неха бердан йукъахь лорура МагӀрибан мехкийн (Алжазаира, Тунис, МагӀриб) бердаш. Наггахь Ливин а, Мисран а бердаш. Цигахь берберийн хӀордан талорхой-корсараш Ӏаш болу дуккха а портийн базанаш лаьттара, цара кхерамехь латтабора ЛаьттайуккъерахӀордйистан къилбаседехьара керста бахархой. ХӀордан талорхой- лайшбохкархой тӀелатарх ларлуш, бердашца йолу эвланашкара европин бахархой дӀаболхара ламанан баххьашка а, бердашца болчу мехкийн чоьхьа а. ЖехӀал неха бердашкара бахархой Йуккъера бӀешерашкахь бусалба бара, дукхаха берш Ӏаьрбий, бербераш, дукха европин (сакълабий) а, африкин а лайш.