Республика
From Wikipedia, the free encyclopedia
Респу́блика (лат. res publica — «йукъара гӀуллакх») — Политикин Ӏедалан йерриг меженаш цхьаьна билгалчу заманна хоржу пачхьалкхан урхаллин кеп, оцу кепехь кхоллало къоман йукъара векалийн кхолламаш (масала, парламент), ткъа гражданийн хуьлу цхьатерра гражданийн а, политикин а бакъонаш. Республикин урхаллин кепан ладаме амат йу пачхьалкхан куьйгалхочун харжамалла а, хийцаваларалла а, дукхаха долчу меттигашкахь цуо цамагайо когаметта йа кхечу кепара харжамаш ца беш Ӏедал дӀадалар.
2017 шеран хьолехь, дуьненахь 195 маьрша пачхьалкхех 159 пачхьалкхо леладо дош «республика» цӀеран официалан дакъа санна; амма йерриш йац уьш республикаш, масала хаьржина правительствош йац цигахь, кхин а дош «республика» цалеладо хаьржина правительствош йолсу массо а мехкийн цӀераш йукъахь.