Малхбален Тимор
From Wikipedia, the free encyclopedia
Малхбален Тимор[7], шолгӀа йоца цӀе Тимо́р-Ле́сте[8], юьззина официалан цӀе — Демократин Респу́блика Малхбален Тимор[7] — Къилба-Малхбален Азин пачхьалкх, дӀалоцу Тимор гӀайренан малхбален дакъа, цул совнах жима эксклав йу (Окуси-Амбено провинци) оцу гӀайренна малхбузе декъехь а, кегий гӀайренаш а Атауру (къилбаседа) а, Жаку а (малхбале).
Демократин Республика Малхбален Тимор | |||||
---|---|---|---|---|---|
Repúblika Demokrátika Timor-Leste[1] República Democrática de Timor-Leste[2] | |||||
| |||||
Девиз: «Unidade, Acção, Progresso (Кеп:Tr-pt)» | |||||
Малхбален Тиморан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш |
28 ноябрь 1975 шо (Португалех) 20 май 2002 шо (ХӀиндонезех) |
||||
Официалан меттанаш |
тетум португалихойн |
||||
Коьрта гӀала | Дили | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Дили | ||||
Урхаллин тайпа | Республика[3] | ||||
Президент Премьер-министр |
José Ramos-Horta Таур Матан Руак |
||||
Пачхь. дин | Католицизм | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 15 007 км² (154-гӀа дуьненахь) | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | ▲ 1 291 358[4] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2016) | 6,60 млрд[5] долл. (161-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 3870[5] долл. | ||||
АДКИ (2016) | ▲0,605[6] (йукъара; 133-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | АЦШн доллар (USD, 840) (IDR, код 360) | ||||
Интернет-домен | .tl | ||||
Код ISO | TL | ||||
Код МОК | TLS | ||||
Телефонан код | +670 | ||||
Сахьтан аса | +9 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьрру[d] | ||||
Медиафайлаш Викилармехь |
XVI бӀешарахь мехкан колонизаци йира Португалин империс, йевзара Португалин Тимор санна колонизаци дӀайаккхалц. 1975 шо долалуш Малхбален Тимора кхайкхийра маршо, амма тӀаьхьо оццу шарахь оккупаци йира ХӀиндонезис, ткъа шолгӀачу шарахь — схьаяьккхира хӀиндонезин 27-гӀа провинци санна. 1999 шарахь, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо къобал дина дӀакъастаран акт динчул тӀаьхьа, ХӀиндонезин правительствон терго дӀаелира оцу махкара, тӀаккха 2002 шеран 20 майхь Малхбален Тимор хилира дуьххьарлера керла Суверенан пачхьалкх ткъе хьалхарчу бӀешеран. Маршо яьккхинчул тӀаьхьа мохк йукъа бахара Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан а, Португалхойн мотт буьйцучу мехкийн доттагӀаллин. 2011 шарахь Малхбален Тиморо кхайкхийна шен Къилба-Малхбален Азин пачхьалкхийн ассоциацех дӀакхета лаам, чу кехат а делла тобан цхьайтталгӀа декъашхо хила ният долуш. Иза шиннах цхьаъ керсталлин мохк бу Къилба-Малхбален Азехь (важа — Филиппинаш).