Луьсталла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ба́хархойн лу́ьсталла — 1 км² мехкан кхочу бахархойн барам. Бахархойн лусталлин чот йеш таро йун ах ца беха меттигаш а, даккхийра чоьхьара хин аренаш а йукъара йаха. Бахархой йуккъера луьсталла йоцуш, лелабо цхьацца лусталлин гайтамаш йартийн а, гӀалийн а бахархошна.[1]
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Луьсталла (маьӀнаш).
Дуьненан бахархойн йуккъера луьсталла 2013 шеран хьолан йара 52 стаг км² тӀехь[2], ткъа Антарктидан а чот йича 48 стаг км² тӀехь. Бахархойн барам тӀекхетчи, тӀекхета цуьнан луьсталла а. 1890 шарахь дуьненан бахархойн йуккъера луьсталла йара 12 стаг цхьаьна км², 1950 шарахь хилира 18 стаг, ткъа 1992 шарахь — 40 стаг[3].